Хьаьж
ХІара таптар Википедийара ду
Хьаьж (Iарб. حج) бохучу дешан маьIна – Iалашо а, цхьана метте кхача лаар а бохург ду. Хьадж даран ШарIехь долу маьIна иштта ду: Макка ваха Iалашо хилар, хьадж тIерадаккхархьама, шен сифатца а, шен хенахь а, шен билламашца а.
[xийца] Хьаьжин цIа вахаран хьукм
Массо а бусалба уммата барт хилла бу шен ницкъ кхочуш волчунна шен дахарехь цкъа хьаьжин цIа вахар парз ду аьлла. Иштта церан массеран а барт хилла Хьадж дар Исламан пхеа баххех цхьа бух хиларна тIехь. Лекха хинволчу АллахIа аьлла:
[xийца] Хьадж даран арканаш
Хьадж даран арканаш диъ ду:
- Ихьрам (Ниййат дар, хьадж дехкар).
- Iарафатехь хан яккхар.
- Ифадат тIаваф дар.
- Сафа-ломана а, Марват-ломана а юкъахь дIасавахар.
ХIара арканаш массо кхочуш хиларца бен хьадж кхочуш хуьлуш дац.