Ламаз
ХІара таптар Википедийара ду
Ламаз (Іаьрбийн маттахь: صلاة) - «Ассолату» бохург доIа боху маьIна долуш ду. Оцу маьIнийца Дала Къуръан чохь аьлла:
Сурат «Аттавбат» 103: ДоIа де ахь царна, бакъдолуш, хьан доIа царна синтем (а, къинхетам а) бу. |
ШариIатехь ламаз – «Ассолату» - бохучун маьIна иштта ду:
Иза Iибадат ду, шена чохь къастийна дешнаш а, Iамалш а йолуш долу, такбúраца дIа а долош, салам даларца чекх а долуш долу.
Къастийна дешнаш бохучун маьIна: такбир а, къуръан дешар а, тасбихь дар а, доIа дар а, иштта кхин уьш санна дерг а бохург ду.
Къастийна Iамалш бохучун маьIна: дIахIоттар а, рукуI дар а, сужуд дар а, охьахаар а иштта и санна долу кхин долу хIумнаш а бохург ду.